Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Аргунский государственный техникум»

Литературни суьйре "Нохчо ву со!"

02.05.2024

2024-чу шеран х1утосург беттан 2-чу дийнахь, Нохчийн меттан денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, "Нохчо ву со!" литературни суьйре д1айаьхьира

 2024-чу шеран х1утосург беттан 2-чу дийнахь, Нохчийн меттан денна лерина, Нохчийн пачхьалкхан колледжехь, "Нохчо ву со!" литературни суьйре д1айаьхьира нохчийн меттан хьехархочо Къусайрин Даудан Луизас.

 

Литературни суьйре д1айаьхьира Нохчийн меттан сийлалла, хазалла, ненан мотт хааран мехалалла йуьйцуш. 

 

Цхьаьнакхетаран 1алашо йара дешархойн Даймахке, халкъе, дахаре ц1ена хьанал йолу ойланаш алсамйахар;  ненан матте, литературе безам алсамбаккхар; вайн  къоман ламасташ, г1иллакхаш дийцаре дар, карладахар.

Цигахь дакъалецира колледжан студенташа.

Суьйре, массо а декъашхойн самукъа а доккхуш, дIайаьхьира.

 

Кху дезчу дийно декхаре до вай ненан меттан хазна ларйарехьа кхин а ч1ог1а къахьега дезар. Х1унда аьлча, мотт къоман коьрта билгало йу. Шен мохк а, мотт а боцург къам дац, олуш дара Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан Кадыров- Ахьмад- Хьаьжин.

   

 

 

Источник: ГБПОУ "ЧГК"