Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Аргунский государственный техникум»

Нохчийн меттан денна лерина мероприяти

27.04.2023

Охана беттан ткъе пхоьалг1ачу дийнахь д1айаьхьира, ГБПОУ "АГТ" хьехархочо Актиев Гуржин Совдат 22-Эк-1 группица д1аехьира мероприяти нохчийн меттан денна лерина.Кхузахь довзийтар нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта хаийтира вешан мотт вайна безар, даима а цуьнан сий деш вай дахадезаш хилар.Иштта довзийтар, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.Вай г1араваьллачу поэта а, хьехархочо а Сулейманов Ахьмада аьлла дешнаш ду:«Х1ора стагана сийлахь долу кхо х1ума ду дуьненчохь вовшахдаккха йиша йоцуш, даима а цхьаьна хила дезаш. И кхо х1ума – мотт а, халкъ а, Даймохк а ду. Оцу кхаа декъах муьлха а цхьаъ д1акъастича, дисина ши дакъа дахалуш дац.»Дала ненан мотт безаран т1ехь ч1аг1 дойла вай! Г1иллакхе, оьзда и бийца к1орда ма дойла цхьанне а нохчочунна! Амин!

[Ссылка на видеоролик]